
ислам динан баххаш
1-Муъма-нехан Амира Абу Хьафс Iумар бин ХаттIаба (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла, АллахIан элчано (АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна) олуш хезира шена аьлла:
«Боккъалаъ, Iамалш негаташка хьаьжжина ю, хIора стагана а цо (и дан) негат диннарг ду. Цундела шен махках валар хилларг АллахIан дуьхьа а, цуьнан элчанан дуьхьа а — цуьнан махках валар АллахIан а, Цуьнан элчанан а дуьхьа хир ду. Ткъа, шен махках валар хилларг муьлхха а цхьана дуьненан хIуманан дуьхьа, ша гулдан лерина долучу, я ша ялор йолчу зудчун дуьхьа — цуьнан махках валар и ша махках ваьллачу хIуманан дуьхьа хир ду»
[(Бухари: 1, Муслим: 1907.
2-Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла: Аллах1ан Элчано (Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна) аьлла:
«ХIокху тхан гIуллакхехь (бусалба динехь) цуьнах доцург юкъадаьккхиначуьнгара иза (юкъадаьккхинарг) тIеоьцур долуш дац (къобалдийр дац)» [(Бухари: 697, Муслим: 1718)]. Оцу хьадисан Муслиман риваятехь дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла:
«Цхьамма тхан гIуллакхаца (бусалба динаца) цхьаьна ца догIуш долу муьлхха а цхьа хIума дахь, иза тIеоьцур долуш дац (къобалдийр дац)».
3- Баширан кIанта НуIмана (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна) олуш хезира шена аьлла:
«Боккъалаъ, магийнарг — хууш ду, цамагийнарг а — хууш ду, ткъа царна юккъехь шеконаш ерг ду, дуккха а нахана цуьнах дерг ца хууш. Цундела шеко йолучух ларлуш верг — шен дин а, шен сий а цIандеш ву. Амма шеконехь дерг лелош верг — хьарам дерг (лело) а вера ву, йихкиначу меттигна гонаха (шен жа) да жочу жаIух терра, (иза) хIинций-хIинций оцу тIе долу-кха (бохуш). Боккъалаъ, хIора паччахьан (шен) йихкина меттиг ю. Боккъалаъ, АллахIан йихкина меттиг — иза, Цо царна цамагийнарш ду. Боккъалаъ, (адаман) дегIехь дилханан кийсиг ю: нагахь и нисъелла хилахь — дерриг дегI а нисдеш, нагахь и телхина хилахь — дерриг дегI а талхош. Боккъалаъ, иза — дог ду»
[(Бухари: 52, Муслим: 1599)].
4-МасIудан кIанта IабдуллахIа (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла, бакъ луьйш волчу а, тешам хила хьакъ волчу а АллахIан элчано (АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна) дийцира аьлла: «Боккъалаъ, шух хIора а (цкъа хьалха) шен ненан кийрахь кепе валаво: шовзткъа дийнахь — тIадаман куьцехь, тIаккха оццул хенахь — цIийн улхан куьцехь, тIаккха кхин а оццул хенахь — дилханан кийсиган куьцехь. Цул тIаьхьа АллахIа малик хьажадо, цо цунна чу са дуьллу. Цул тIаьхьа цо цуьнга диъ (хIума) дIаязде (олий) омра до: шен рицкъа, шен хан, шен гIуллакхаш, иштта ирсе хир ву я декъаза хир ву иза. Аса дуй буу Ша воцург кхин дела воцучух: боккъалаъ, шух муьлххачо а (ян тарлуш ду) ялсаманин охIланан Iамалш: ялсамане кхача ерриг (йиссинарг) цхьа дол юкъ бен а йоцуш, тIаккха цунна яздина хилла йоза (кийрахь волуш) кхочуш хир ду — жоьжагIатин охIланан гIуллакхашна тIехьа а ваьзна, (жоьжагIате) гIур ву иза. Боккъалаъ, (иштта) шух муьлххачо а (ян тарлуш ду) жоьжагIатин охIланан Iамалш: жоьжагIате кхача ерриг (йиссинарг) цхьа дол юкъ бен а йоцуш, тIаккха цунна яздина хилла йоза (кийрахь волуш) кхочуш хир ду — ялсаманин охIланан гIуллакхашна тIаьхьа а ваьзна, (ялсамане) гIур ву иза»
[(Бухари: 3208, Муслим: 2643)].
5-Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла, АллахIан элчано (АллахIера салават а, сала а хуьлда цунна) элира аьлла:
«(ХIай, нах!) Боккъалаъ, АллахI — ЦIена ву, Цо цIенаниг бен цхьа а хIума къобал ца до. Боккъалаъ, Шен элчанашка динна долу омра дина АллахIа муъма нахе а. Веза-Сийлахьчо аьлла: «ХIай, элчанаш! Хьаналниг даа, дика Iамалш а е.» («алМуъминун»: 51). Иштта Веза-Сийлахьчо аьлла: «ХIай, Делах тешнарш! Оха шайна делла долу хьанал рицкъа даа.» («ал-Бакъарат»: 172). Цул тIаьхьа пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) цхьа стаг вийцира — новкъахь ехха хан яьккхина волу, ченах а вуьзна, хьирчина месаш а йолуш, шен куьйгаш стигала а айдой (юха-юха а олуш волу): «Ва, сан Дела! Ва, сан Дела!». Ткъа цуьнан кхача хьарамниг бу, цуьнан малар (хи) а хьарамниг ду, цуьнан духар а хьарамниг ду, хьарам кхача баош кхаьбна а ву иза — иштта хилча (цуьнан доIанна) жоп муха лур ду?«анашка динна долу омра дина АллахIа муъма нахе а. Веза-Сийлахьчо аьлла: «ХIай, элчанаш! Хьаналниг даа, дика Iамалш а е.» («алМуъминун»: 51). Иштта Веза-Сийлахьчо аьлла: «ХIай, Делах тешнарш! Оха шайна делла долу хьанал рицкъа даа.» («ал-Бакъарат»: 172). Цул тIаьхьа пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) цхьа стаг вийцира — новкъахь ехха хан яьккхина волу, ченах а вуьзна, хьирчина месаш а йолуш, шен куьйгаш стигала а айдой (юха-юха а олуш волу): «Ва, сан Дела! Ва, сан Дела!». Ткъа цуьнан кхача хьарамниг бу, цуьнан малар (хи) а хьарамниг ду, цуьнан духар а хьарамниг ду, хьарам кхача баош кхаьбна а ву иза — иштта хилча (цуьнан доIанна) жоп муха лур ду?»
[(Муслим: 1015, Тирмизи: 2992)].
6- Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна) элира аьлла: «Стага Ислам (дин) хаза лелош хиларан (билгалонех цхьаъ) ю — цо (массо) а шех Iотталуш доцург дитар.«Ислам (дин) хаза лелош хиларан (билгалонех цхьаъ) ю — цо (массо) а шех Iотталуш доцург дитар.»
[(Тирмизи: 2318, дика (хьасан) хьадис ду, Тирмизис а, кхинболчу мухьаддисаша а далийна и)].
7- Анаса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, пайхамара (АллахIера салават а, салам хуьлда цунна) элира аьлла:
«Шух цхьа а иман диллина хир вац — шена дезаш дерг шен (динан) вешийна а деззалц.»
[(Бухари: 13, Муслим: 45)].
8-Худри некъех волучу Абу СаIийд СаIд бин Синана (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла, АллахIан элчано (АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна) элира аьлла:
«(Бахьана доцуш) ца мега зен дан, (бахьана долуш) ца мега зен дан.»
[(Ибн Маджат: 2340—2341, ад-ДаракъутIни)].
9-Абу ХIурайра Iабдур-Рахьман бин Сахра (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла, АллахIан элчано (АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна) олуш хезира шена аьлла:
«Аса шайна дихкиначух (ца магийначух) ларло, Аса шайга омра диначух шайга далуш дерг де. Боккъалаъ, шул хьалха баьхнарш (хилларш), цара хеттарш дукха дар а, уьш шайн пайхамарашна Iеса хилар а бахьана долуш хIаллакбина».
[(«ИIтисам бил китаби вас суннати» жайнахь Бухарис дийцина: 6777, Муслим: 1337)].
10-Рукъаййатан дас Тамим бин Авс ад-Дарийс (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, (цкъа) пайхамара (АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна) элира аьлла:
«Дин — догцIеналла гучуяккхар ду». Оха хаьттира: «Хьенан хьокъехь?». Цо элира: «АллахIан а, Цуьнан Жайнин а, Цуьнан элчанан а, бусалба нехан куьйгалхойн а, массо бусулба нехан хьокъехь а».
[(Муслим: 55)].
11- СаIдан кIанта Абу Iаббас СахIла (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла: « (Цкъа) цхьана стага, пайхамарна (АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна) тIе а веана, хаьттира (цуьнга):
«ХIай, АллахIан элча! И йича со АллахIана а, нахана а везар волу Iамал йовзийтахь суна.» (Цунна жоп луш пайхамара (АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна)) элира: «Кху дуьненан хIуманна суьпа хила хьо — АллахIана везар ву хьо, нехан (долахь долучуьнан хьокъехь) суьпа хила хьо — нахана а везар ву хьо»»
[(Ибн Маджат: 4102, «дика» («хьасан») даржехь хьадис ду)].
СЕДАРЧИЙ
ДЕШХЬАЛХЕ
Бисмиллах1иррохьманиррохьийм
Хастам бу Аллах1ана вайна Къуръан деллачу. Цуьнца вайн дахар серладаьккхинчу. Цуьнца вайна ирс деллачу. Цуьнца дуьне а, эхарт а вайна довзийтинчу. Цуьнца вайх къинхетам бинчу.
Делера салават а, салам а хуьлда Цуьнан Элчанна Мухьаммадна а, цуьнан ох1лана а, асхьабашна а, церан некъа т1ехь волчу массо бусалбачунна а къематде даллалц.
Сийлахь-йоккхачу стиглахь седарчий ма-лепара, бусулба умматан исторехь а бу шен «седарчий» — уьш Пайхамаран (Аллах1ер салават а, салам а хуьлда цунна) асхьабаш, табиӀийнаш а, умматера дика нах а бу. Уьш бу вайна некъ гойтуш берш а, ийманан нур латтош берш а.
АллахӀан Элчано (Аллах1ер салават а, салам а хуьлда цунна) аьлла: «Сан асхьабаш — седарчий санна бу. Шу царах муьлххачунна а тӀаьхьахӀоьттинехь — шу нийсачу некъа тӀехь хир ду».
Стиглара седарчий — боданечу буьйсанашна нур луш, некъах тилвелчунна бакъхьара хьажийна лар гойтуш ма-хиллара, АллахIан Элчанан (Аллах1ер салават а, салам а хуьлда цунна) асхьабаш а, царна тIаьхьабозуш хилла табиIийнаш а, дика нах а — бусулба умматан сирла седарчий бу. анашна нур луш, некъах тилвелчунна бакъхьара хьажийна лар гойтуш ма-хиллара, АллахIан Элчанан (Аллах1ер салават а, салам а хуьлда цунна) асхьабаш а, царна тIаьхьабозуш хилла табиIийнаш а, дика нах а — бусулба умматан сирла седарчий бу.
Уьш бу шайн ийманаца а, зухIдаца (дуьненан марзонах ларваларца) а вайн дегнаш серладохуш берш. Цхьаберш царах — цIе санна лепаш хилла майраллин седарчий бу, кхиберш — тийна нур луш хилла дикаллин а, нийсонан а седарчий бу.
Хьалха заманахь, некъахой боданечу буьйсанашкахь тилла а ца туьлуш, шайн нийса некъ стиглара седарчашка хьаьжжина билгалбоккхуш хилла. Иштта, хӀокху дуьненан боданечу некъашкахь вай тилла ца лаахь — вай хьежа деза бусулба умматан сирлачу седарчашка: сийлахьчу асхьабашка, табиӀийшнака, АллахӀан дикачу лайшка. анашкахь тилла а ца туьлуш, шайн нийса некъ стиглара седарчашка хьаьжжина билгалбоккхуш хилла. Иштта, хӀокху дуьненан боданечу некъашкахь вай тилла ца лаахь — вай хьежа деза бусулба умматан сирлачу седарчашка: сийлахьчу асхьабашка, табиӀийшнака, АллахӀан дикачу лайшка.
Йоккхачу хIорда тIехь йа гIум-аренашкахь некъах тилвеллачу некъахочо, шен са тийналле далорхьама а, нийса некъ карорхьама а, стиглара седарчашка хьожуш хилла. Уьш дара цунна боданехь некъ гойтуш, кхерамечу меттигех ларвеш, йезачу гIалин некъ гойтуш.
Иштта ду хIара дуьненан дахар а — иза шен кепехь бодане буьйса йа кхераме хIорд санна ду. Нагахь вайн хIокху чолхечу некъашкахь тилла ца лаахь, вай хьежа деза стиглара «седарчашка» — Пайхамаран (Аллах1ер салават а, салам а хуьлда цунна) асхьабашка, табиIийнашка а, дикачу нахе а. Уьш бу вайна стиглара седарчий ма-леппара нийсонан а, ийманан а нур луш берш.
Седарчашка хьаьжжина некъахо тилла ма ца-туьлла, иштта оцу дикачу нехан дахаре а, церан гIиллакхе а, АллахIах кхераре а хьаьжжина вай вешан гIуллакхаш нисдахь — вай а цкъа а тилла делла хир дац. Царна тIаьхьахIиттинарш — АллахIан реза хиларе а, Элчанан (Аллах1ер салават а, салам а хуьлда цунна) улле а кхочур бу.
Уьш бу вайна АллахӀан вай дезаре а, Цуьнан реза хиларе а боьду некъ гойтуш берш. Церан дахар, церан гӀиллакх, церан ийман — вайна тахана а сирла нур ду. Муьлххачу а халонгахь вай хилча а, оцу «седарчашка» хьаьжжина вай вешан гӀуллакхаш нисдахь — вай цкъа а тиллур дац.
Тахана вайн сийлахьчу нехан (асхьабийн, табиӀийн, дикачу нехан) дахар хааран мах а, цуьнан ладаме хилар а инзаре доккха ду — иза деккъа истори Ӏамор дац, иза адаман синна «кӀелхьарадаккхаран хӀордан кема» санна ду. Тахана вайна уьш оьшуш хиларан бахьанаш х1орш ду: анаш х1орш ду:
1-Тиллачу заманахь нийса хьежам:
ХӀара зама мехашца кегаелла хӀорд санна йу, дика-вон къасто хала долчу хенахь — оцу сийлахьчу нехан дахар вайна меттах ца хьовш йолу нийсонан сурт ду.
2-Дуьнено шен марзонаш тӀехьийзочу хенахь, кху седарчиш (сийлахьчу наха) вайна дагадоуьйту: бакъйолу сийлалла — мискаллехь а, АллахӀана хьалха жоп дала дезаш хилар хаарехь а йуйла.
3-Дуьненан марзонех ларвалар:
Вай дехаш ду дукха йууш-молуш, дезачу хӀумнашна тӀаьхьаваьллачу заманахь. Цара Ӏамадо вай сийлалла хӀумнашкахь ца лоьхуш, дикачу гӀуллакхашкахь лохуш хила йезаш хилар.
4-Амалий, гӀиллакхий кхиор:
Оцу наха шайн дегӀан лаамашца муха къийсам латтийна вай дешча, вайна 1амаллийн куьйгалла кардо. ХӀара деккъа хабар дац, иза бакъдолу масала ду — хьан карахь ницкъ болуш муха нийсо латто еза а, хьоьгахь хӀумма а йоцуш муха сий лардан деза а гойтуш.
5-ТӀаьхьенан уьйр а, сий лардар а:
Вайн орамаш а, вайн Турпалхой а бевзаш хиларо адаман синна чӀагӀал ло. Вай кхета — вай боккхачу некъан цхьа дакъа хиларх. Иза нийсо хьалха йаккхар ду, шен пайдане ца хьоьжуш.
6-Халонгахь дог чӀогӀадар:
Вайна вайн халонаш йаккхий хетачу хенахь, вай оцу «седарчашка» хьожу. Халонаш цара муха лайна вайна гича — вайна ницкъ кхочу АллахӀан къинхетамах дог ца дилла.
Вай тахана вуьйцуш верг — оцу седарчех уггаре сирла лепаш хилла волу 1умар бин Хаттаб аль-Фа’ру’къ (Дела реза хуьлда цунна) ву. Цуьнан дахар а, цуьнан зухӀд (дуьненан марзонах ларвалар) а — вайна тахана а доккха масала ду. Иза вара нийсонан а, ийманан а седа. Цо шен дахарца вайна гайтира — муха хила веза бакъволу муъма стаг, дуьненан паччахь хилла а, шен дегIан лаамашна тIехь толам баьккхина волу.
Ткъа умматан уггаре коьрте седа — иза АллахӀан Элча (Аллах1ер салават а, салам а хуьлда цунна) ву. ХӀара дериге седарчий цуьнан нурах нур эцна ду. Иза ца хиллехьара, уьш а хира бацар. Цуьнан беркатац хилла царех беркате-сийлахь нах. Церан йериге сийлахь Ӏамалш цуьнан нуьрах йу, цуьнгар схьаэцна йу, цуьнан нийсонан некъахь цхьа лар йу. АллахӀера салават а, салам а хуьлда сийлахь Элча Мухьаммадан. Цунах лаьцна къаьстина жайна яздийра ду Делан пурбанца.
Кху чолхе хала заманахь вайн умматера седарчех тасдала деза вай. Царех масал оьцуш, церан некъашца нислуш, йалсмане кхачархьам. Цундела йаздеш ду вай х1ара жайнеш, вайн умматера седарчий вайна бовзийтархьам, царех вай тардалийта, вайн иманаш нисдалийта, Ислам дин нийса муха леладан деза довзийтархьам а. анаш нисдалийта, Ислам дин нийса муха леладан деза довзийтархьам а.
Иштта кхин д1а а жима-жима вайн умматера Седарчийн хьахош д1ахура бу вай х1ара болх Делан пурбанца.
Шовхал Сайд-Селиман кIант Хьусайн
9 Рабий1ул-аввл Рамадан 1448 хI. ш.=
23 Хьаьттан-бутт (август) 2026 ш.
05:36
IУМАР БИН ХАТТАБ АЛ-ФА'РУКЪ
1— Iумар ибн аль-Хаттаб ибн Нуфайль ибн Ӏабдул-Ӏузза ибн Рияхь ибн КъуртӀ ибн Ризахь ибн Ӏадий ибн КаӀб ибн Луай, бусалба неха эмир, Абу Хьафс аль-Къураший аль-Ӏадавий, Аль-Фарукъ (АллахӀ реза хуьлда цунна).
2— Иза шахӀид хилла Зул-хьижжат беттан чаккхенгахь ткъе кхоалгӀачу (23) шарахь. Цуьнан нана йара Хьантамат бинт ХӀишам аль-Махзумийя, иза Абу ЖахӀлан йиша йара. Ислам дин тӀеицира пайхамараллан йалхлагӀачу шарахь, цу хенахь цуьнан ткъе ворхӀ шо дара. Ислам дин тӀеицира пайхамараллан йалхлагӀачу шарахь, цу хенахь цуьнан ткъе ворхӀ шо дара.
3— IабдуллахӀ ибн Ӏумара аьлла: «Сан да кӀай-цӀиэ аматаш долуш, дегӀана лекха, коьртан хьалхашкара месаш йайна (тӀехтилла), къежвелла вара».
4— Кхечо аьлла: «Иза кӀайн-сирла вара, лекха а, коьртан хьалхашкара месаш йайна а, таьӀна-чу бос болуш а, ший а куьг цхьабосса лело хууш а (аьрро а, аьтту а) вара».
5— Абу Ражаъ аль-ӀутӀо'рдис аьлла: «Иза лекха, дегӀана стомма, чӀогӀа тӀехтилла корта болуш, чӀогӀа цӀиэ бос болуш вара. Цуьнан беснеш тӀехь месаш кӀезиг йара, амма мекхаш даккхий а, церан йисташкахь сирла-цӀиэ (цхьогалан) бос а бара. Цхьа хӀума дагадеича, шен мекхаш хьовзадора цо».
6— Симак ибн Хьарба аьлла: «Ӏумар когаш герга хӀиттош волалора (арахь), иза вогӀуш хилча, нах гӀаш боьлхуш (болуш), иза говрахь вогӀуш санна гора (иштта лекха вара иза)».
7— Анаса аьлла: «Цо шен маж ханнаца басар йора».
8— Симака аьлла: «Ӏумар волалуш сиха волалора».
9— ӀабдуллахӀ ибн КаӀб ибн Малика аьлла: «Ӏумара шен аьтту куьйга аьрро лерг лоций, говрана тӀеиккхара. Иза говрана тӀехь кхоьллина санна вара».
10— ӀабдуллахӀ ибн Ӏумара а, кхечара а дийцина, Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) аьлла хилар: «Йа АллахӀ, Ислам дин чӀагӀде ахь Ӏумар ибн аль-Хаттабца». Ислам дин чӀагӀде ахь Ӏумар ибн аль-Хаттабца».
11— Ӏикримас аьлла: «Ӏумара Ислам тӀеэццалц бусулба дин лечкъина дара». Ислам тӀеэццалц бусулба дин лечкъина дара».
12— СаӀид ибн Жубайра аьлла: Къуръан чохь «„Со’лихьуль-муъминийн“ аьлла долу аят Ӏумарна лерина доссийна ду».
13— Ибн МасӀуда аьлла: «Ӏумара Ислам тӀеэцча дуьйна, тхо даима сий а, ницкъ а болуш дара». Ислам тӀеэцча дуьйна, тхо даима сий а, ницкъ а болуш дара».
14— Ӏабдуррахьман ибн ГӀанама дийцина, Пайхамарига (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) Абу Бакра а, Ӏумара а аьлла: «Нахана Ислам дин дезар алсамдер дара, нагахь царна хьуна т1ехь дуьненан дика духар гича». Ислам дин дезар алсамдер дара, нагахь царна хьуна т1ехь дуьненан дика духар гича».
Цо аьлла: «Ас иштта дийр ду. АллахӀах дуй буу ас, нагахь шу шиъ цхьана хӀуман тӀехь барт хилла нисхьаьжича, ас шу шиннах дагаваларна (шу шин барт хилчу х1уман) дуьхьал цкъа а (х1ума) дийр дацара».
15— Ибн Ӏаббаса дийцина, Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) аьлла: «Сан стиглахь ши вазир (гӀоьнча) ву, лаьттахь а ши гӀоьнча ву. Стиглара сан ши вазир — Жибрил (малик) а, Микаил (малик) а ву, лаьтта тӀера сан ши вазир (гӀоьнча) — Абу Бакр а, Ӏумар а ву».
16— Абу Зарра (Дела реза хуьлда цунна) дийцинчу хьадисехь Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) аьлла:
«Бакъдолуш, хӀора пайхамаран а хилла ши гӀоьнча (вазир), сан ши гӀоьнча (вазир) — Абу Бакр а, Ӏумар а ву».
17— Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) шен тӀе вогӀуш волу Абу Бакре а, Ӏумаре а хьаьжначу хенахь аьлла:
«ХӀара шиъ — йалсаманин баккхийчу нехан элий ву».
18— Делан элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) аьлла:
«Сан метта (сол тӀаьхьа) волчу шина стагах пайдаэца (царна тӀаьхьахӀуьттуш), Абу Бакрах а, Ӏумарх а».
19— Iабдул-Ӏазиз ибн аль-МуттӀалиб ибн Хьантаба шен дегара, цуо шен дедагара дийцина:
«Со Пайхамарна (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) уллехь охьахиина Ӏаш вара, цу хенахь Абу Бакр а, Ӏумар а схьаваьлча (гучаваьлча), цо (Пайхамара) элира: „ХӀара шиъ — (сан) лерг а, бӀаьрг а ву“».
20— СаӀид ибн Жубайра дийцинчу хьадисехь аьлла:
«Жибрил малик деира Пайхамарна (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) тӀе, цо аьлла: „Ӏумаре салам ло, ткъа цунна хаийта — цуьнан оьгӀазло (динна доьхьал болчарна) Сийлаллин (АллахӀан) ницкъ бу, ткъа цуьнан реза хилар — нийсо (хьукма) йу“».
21— СаӀад ибн Абу Вакъкъаса дийцина, Делан элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) аьлла:
«ХӀай, Хаттабан кӀант! Сан са куьйгахь долчуьнца дуй буу ас, хьо цхьана новкъа вогӀуш шайтана ма ца гина, иза кхечу новкъа дӀадахний бен (хьоьх кхералой)».
22— Iаишас (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) аьлла:
«Бакъдолуш, шайта Ӏумарх кхоьру».
23— Ӏаишас (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, хьабашхой (эфиопаш) ловзаш (хьалха-тӀехкхийсалуш) болчу хенахь Ӏумар схьавеача, Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) аьлла:
«Бакъдолуш, суна геннара гуш ду хӀинца жиннех а, адамех а долу шайтанаш Ӏумарх кхералой девдда дӀаоьхуш». анаш Ӏумарх кхералой девдда дӀаоьхуш».
24— Ибн МасӀуда хутӀба (хьехам) деш олура:
«Бакъдолуш, шайтIа Ӏумарх кхоьруш хиларха теша со — цо (шайтIо) цхьа керла хӀума (бидӀат) дича, Iумаро иза йухатохарна кхоьруш. Бакъдолуш, Ӏумаран шина бӀаьргана йуккъехь малик хиларна а теша со, цунна нийса некъ гойтуш, иза нисвеш».
25— Iаишас (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, Делан элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) аьлла:
«Хьалха хиллачу къаьмнашна йуккъехь „мухьаддасунаш“ (Дала шен дагчу бакъдерг доссийна нах) хилла. Нагахь санна сан умматехь иштта стаг хилахь — иза Ӏумар ибн аль-Хаттаб ву».
26— Ибн Ӏумара дийцина, Делан элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) аьлла:
«Бакъдолуш, АллахӀа нийсо (бакъдерг) Ӏумаран матта тӀе а, цуьнан даг чу а диллина».
27— Iалис (Дела реза хуьлда цунна) аьлла: «Ӏумаран маттаца къамел деш йерг синан паргӀато хиларх тхо гена дацара (иза бакъ лорура оха, тхо тешна дарац иза иштта хиларх)».
28— Анаса аьлла, Ӏумара аьлла хилар: «Кхаа хӀуман тӀехь сан лаам сан Делан лаамца (омрица) цхьаьна нисбелира: ИбрахӀиман макъамна тӀехь а, хьижабна (зударийн духарна) тӀехь а, иштта АллахӀан оцу дешнашкахь а: «Нагахь цо (Делан Элчас) шуна (х1ай Элчан х1усамнаной) талакъ (зуда йитар) дахь, цуьнан Дело шун метта цунна кхин дика зударий лур бу…».
29— Делан элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) аьлла:
«Нагахь сол тӀаьхьа пайхамар хила йиш йелахь — иза Ӏумар хир вара».
30— Делан элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) аьлла:
«Бакъдолуш, АллахӀа массо а Ӏарафат (ломан) тӀехь болчу нахаца куралла йира (сий дира маликашна хьалха), ткъа Ӏумарца — ша-тайпа куралла йира».
31— Делан элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) аьлла:
«Сол тӀаьхьа нийсо (бакъдерг) Ӏумарца хир йу, иза мел волуччохь а»
32— Ибн Ӏумара (Дела реза хуьлда цунна) аьлла: «Суна хезиpа Делан элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) олуш:
«Со набарахь (вижна) волуш, шурин кад беара суна. Ас цуьнах (шурех) мелира, сан мӀараш бухахула и малар дӀадоьдуш суна гуш дара. ТӀаккха сайн йиснарг (шура) Ӏумарна дӀайелира ас».
Наха хаьттира: «ХӀун маьӀна дира ахь цуьнан?»
Цо (Пайхамара) аьлла: «Ӏилма (ду иза)».
33— Делан элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) аьлла:
«Со набарахь (вижна) волуш, суна гира нах суна хьалха схьабалош (схьагулбеш). Царна т1ехь коч йара: цхьаболчеран — накха тӀекхаччалц йара иза, кхечеран — цул а йоца йара. ТӀаккха суна хьалхахула Ӏумар иккхира (велира), цунна тӀехь йолу коч (лаьттахула) текхаш йара».
Наха хаьттира: «ХӀун маьӀна дира ахь цуьнан, хӀай Аллах1ан элча?»
Цо (Пайхамара) аьлла: «Дин (ду иза)».
34— Делан элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) аьлла:
«Сан умматах уггаре а къинхетаме верг — Абу Бакр ву, ткъа Делан дин лелорехь (иза чӀагӀдарехь) уггаре а чӀогӀа верг — Ӏумар ву».
35— Делан элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) аьлла:
«Со йалсамане чувахара, цигахь суна дешийн гӀала гира. Ас хаьттира: „Хьенан йу хӀара?“ — аьлла. Суна жоп делира: „Къурайш тайпана къоначу стаган йу“, — аьлла. Суна моьттира иза со ву (и г1ала суна лерина йу моьттуш), тӀаккха элира: „Ӏумар ибн аль-Хаттабана йу иза“».
36— Абу ХӀурайрас (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) аьлла хилар:
«Со набарахь (вижна) волуш, суна со йалсаманехь гира. Цигахь цхьана гӀалина уллехь ламаз оьцуш цхьа зуда йара. Ас хаьттира: „Хьенан йу хӀара гӀала?“ — аьлла. Цара жоп делира: „Ӏумаран йу иза“, — аьлла. ТӀаккха суна Ӏумаран (шен доьзалах йолу) хьагӀ дагаеара, со йухавирзина дӀавахара».
(И хезначу хенахь) Ӏумар велхира, цо элира: «Сан да а, нана а хьуна махан хуьлда (хьох сагӀа хуьлда), хьоьца хьагӀ лелор йара ас, хӀай АллахIан элча?»
37— Iалис (Дела реза хуьлда цунна) аьлла: «Со Делан элчанца (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) волуш, Абу Бакр а, Ӏумар а гуча ваьлча, цо (Пайхамара) аьлла:
«ХӀара шиъ — йалсаманин хьалхарчу а, тӀаьххьарчу а баккхийчу нехан элий ву, пайхамарш а, элчанаш а боцарш. ХӀай Ӏела, цаьршинна иза ма дийцалахь (хӀинца)». анаш а боцарш. ХӀай Ӏела, цаьршинна иза ма дийцалахь (хӀинца)».
38— Абу СаӀидера (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) аьлла:
«Бакъдолуш, (йалсаманин) лакхарчу даржера нах, шайла лахахь болчарна гур бу — шуна стиглан йистехь (гена лакхахь) сирла седа гуш ма-хиллара. Бакъдолуш, Абу Бакр а, Ӏумар а царах (оцу лакхарчу даржехь) ву, дика а, сийлахь а ву и шиъ».
39— Iалис (Дела реза хуьлда цунна), ша халиф волуш, Куфехь (гӀалин) минбар тӀехь нахана хьалха аьлла: «Хокху умматан уггаре дика стаг, шен Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) тӀаьхьа — Абу Бакр ву. Ткъа Абу Бакрл тӀаьхьа уггаре диканиг — Ӏумар ву. Нагахь суна кхоалгӀачун цӀе йаккха лиънехь, ас иза а йоккхур йара».
40— Къайс аль-Харифис (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, шена Ӏалис (Дела реза хуьлда цунна) олуш хезира аьлла:
«Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) хьалхавелира, Абу Бакр цуьнна тӀаьхьа (шолгӀа) нисвелира, ткъа кхоалгӀа — Ӏумар хилира. Цул тӀаьхьа фитнато тхо хьарчийра, АллахӀана лиънарг хилира-кх».
41— Делан элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) аьлла:
«Сол тӀаьхьа волчу шинна тӀаьхьахӀитта (церан некъ схьаэца) — Абу Бакрна а, Ӏумарна а».
42— Аишас (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, Абу Бакра (Дела реза хуьлда цунна) аьлла хилар:
«Оцу лаьттан букъ тӀехь (дуьненахь) цхьа а стаг вац суна Ӏумарл дукха везаш».
43— Аишас (Дела реза хуьлда цунна) дийцина: Абу Бакр (Дела реза хуьлда цунна) цомгуш волуш, нах баьхкира цунна тӀе, цара элира:
«Хьо хьайн Дела волчу д1авоьдучу (кхелхачу) хенахь, Ӏумар тхуна тӀе куьйгалхо (халиф) вита йиш йуй хьан? ТӀаккха хьайга (Дала) хаьттичи, Цунна хӀун жоп лур дара?»
Цо (Абу Бакра) аьлла: «Ас эр ду: „Ас царна тӀе куьйгалхо витира царах уггаре дика верг“».
44— Аз-Зухрис аьлла:
«Ӏумарна уггаре хьалха „Амируль-муъминийна“ (Муъмин нехан эла/куьйгалхо) аьлла салам делла стаг — МугӀийрат ибн ШуӀбат ву».
45— Iумаро аьлла: «Сол тӀаьхьа оцу гӀуллакхана (халифаллина) тӀехӀоьттанчунна хаийла: гергара наха а, генарчу наха а иза (куьйгалхо) шен агӀор вожор (шега ийзор) вуй. Бакъдолуш, ас нахаца сайн са лардеш (иза бакъонан тӀехь латтош) къийсам латтабо. Нагахь фаллина) тӀехӀоьттанчунна хаийла: гергара наха а, генарчу наха а иза (куьйгалхо) шен агӀор вожор (шега ийзор) вуй. Бакъдолуш, ас нахаца сайн са лардеш (иза бакъонан тӀехь латтош) къийсам латтабо. Нагахь суна сайначул а оцу гӀуллакхана (урхаллина) чӀогӀа стаг верг хиънехь — со хьалха а ваьккхина, сан корта схьабаккхар суна дукха дезар дара, оцу (1едалин) гӀуллакхана тӀехӀуттучул а».
46— Ибн Ӏаббаса (Дела реза хуьлда цунна) дийцина: Ӏумар (Дела реза хуьлда цунна) халиф хӀоьттинчу хенахь, цуьнга аьлла:
«Цхьаболчу нахана и (халифаллин) гӀуллакх хьоьгахь хилийта ца лаьара (хьох йухабовла герга бара уьш)». фаллин) гӀуллакх хьоьгахь хилийта ца лаьара (хьох йухабовла герга бара уьш)».
Цо (Ӏумара) хаьттира: «ХӀунда дара иза?»
Цара жоп делира: «Хьо чӀогӀа (амал йолуш) а, луьра а ву олуш бара уьш».
ТӀаккха Ӏумара аьлла: «Хастам бу АллахӀана, сан дог царна къинхетамах дуьзначу, ткъа церан дегнаш соьх кхерамах дуьзнчу!»
47— Аль-Ахьнаф бин Къайса (Дела реза хуьлда цунна) аьлла: «Суна Ӏумара (Дела реза хуьлда цунна) олуш хезира:
«Ӏумарна Делан ахчанах (бусулба нехан хьал-бахамах) хьанал дац ши духар бен: цхьа духар — Ӏаьнна, ткъа шолгӀаниг — аьхканна. Иштта Хьаьж а, Ӏумрат а дан оьшург а, цул совнаха — сайн доьзална кхача (йуург), Къурайш тайпана йуккъерчу стаган санна. Цул тӀаьхьа со — бусулбанех цхьа стаг ву (массо а нах санна)».
48— Iурвас (Дела реза хуьлда цунна) аьлла:
«Ӏумара (Дела реза хуьлда цунна) шен халифаллин йерриге а хенахь нахаца Хьаьж дира». фаллин йерриге а хенахь нахаца Хьаьж дира».
49— Ибн Ӏумара (Дела реза хуьлда цунна) аьлла:
«Делан элча (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) кхелхинчул тӀаьхьа, цкъа а суна ца гина цхьа а стаг — Ӏумарел чӀогӀа хьуьнар долуш а, цулла комаьрша а».
50— Аз-Зухрис аьлла:
«АллахӀа Ӏумаран (куьйгаллица) йерриге а Шам (Сири, Палестина, Иордани) схьайаьккхира, иштта Аль-Джазийра (Месопотами) а, Мисар (Египет) а, йерриге Иракъ а. Шен валарал цхьа шо хьалха цо „диванаш“анаш“ кхоьллира, тӀаккха нахана йукъахь церан (тӀеман) хӀонс йийкъира».
51— Хузайма ибн Са’бита (Дела реза хуьлда цунна) дийцина:
«Ӏумаро (Дела реза хуьлда цунна) шен белхало (куьйгалхо/эмир) хӀоттийначу хенахь, цунна тӀедуьллуш йаздора: цо Бирзавнан говр ца хахка, (цӀена/мерза) кӀа-кхача ца йаа, (паччахьийн санна) дуткъа (деза) духар ца дохар, иштта шен неӀарш (миска) болчу нахана хьалха дӀа ца къовлар. Нагахь цо (эмиро) иштта ца динехь — цунна таӀзар дар хьанал хуьлура».
52— ТӀа’рикъ ибн ШихӀа‘ба (Дела реза хуьлда цунна) аьлла:
«Цхьана стага Ӏумарна цхьа хабар дуьйцуш, цо (оцу стага) цхьа аьшпаш (пуьчаш) биттча, Ӏумара (цунна т1аьхьа кхуьий) олура: «ХӀара (пуьчш) сацабе!»
ТӀаккха юха а кхин дӀа дуьйцура цо, Ӏумара юха а олура: «ХӀара (пуьчш) а сацабе!»
ТӀаккха оцу стага олура цуьнга: «Ас хьуна мел дийцинарг бакъ дара, ахьа сацаде аьлла (пуьчаш) доцург»».
53— Ибн МасӀуда (Дела реза хуьлда цунна) аьлла:
«Дика нах хьехош хилча — марша вогӀийла Ӏумар (иза хьалха ваккха хьахварехь)! Бакъдолуш, Ӏумар — тхуна йукъахь АллахӀан Къуръан уггаре дика хууш верг а, Делан динах кӀорггера кхеташ верг а вара».
54— Ибн МасӀуда (Дела реза хуьлда цунна) аьлла:
«Нагахь Ӏумаран Ӏилман дазалла (терзанан) цхьана кеда тӀе диллахь, ткъа дуьненахь долчу массо а адамийн Ӏилма шолгӀачу кеда тӀе диллахь — Ӏумаран Ӏилма кхечеран Ӏилманал деза (сов) хир дара».
55— Хьузайфас аьлла:
«Нахана йукъахь долу Ӏилма Ӏумарца цхьана Ӏуьргахь къайладаьккхина (латтош) санна дара».
56— Ибн Ӏумара (Дела реза хуьлда цунна) аьлла:
«Ӏумара шийтта (12) шарахь Ӏамийра „Аль-Бакъарат“ сурат. Иза Ӏамийна ваьлча — цо эмкал йийра».
57— МуӀавийас (Дела реза хуьлда цунна) аьлла:
«Абу Бакрна-м дуьне (даккха) ца лиира, дуьненан а иза ца лиира. Ткъа Ӏумар-м — дуьне цунна тӀегӀоьртар (цуьнга марзо йахийта гӀоьртира), амма цунна иза ца лиира. Ткъа вай-м — оцу (дуьненан марзонашна) йукъахь букъа тӀехь а, кийра тӀехь а каьрчаш (хьарчина) ду-кх».
58— Хьафсас а (Дела реза хуьлда цунна), ӀабдуллахӀа а, кхечара а Ӏумарца (Дела реза хуьлда цунна) къамел деш, элира аьлла:
«Нагахь ахьа там болу (дика) кхача биънехь, бакъонан (гӀуллакхийн) тӀехь хьо чӀогӀа хир вара».
Цо (Ӏумара) хаьттира: «Шу массо а оцу ойланехь дуй?»
Цара жоп делира: «ХӀаъ».
ТӀаккха цо элира: «Суна хаьа аша соьца латтош болу кхетам (дика лаар), амма ас сайн ши доттагӀ (Пайхамар а, Абу Бакр а) цхьана нийсачу некъа тӀехь витира. Нагахь ас оцу шиннан некъ битахь — со оцу шинна тӀекхочур вац».
59— Дийцина ду: «Нах мацаллин шарахь хиллачу хенахь, оцу шарахь Ӏумара (Дела реза хуьлда цунна) цкъа а даьтта ца диира, йа мекха (дерстина) жижиг а ца диира».
60— Iутба ибн Фаркъада Ӏумарца (Дела реза хуьлда цунна) цуьнан кхачанах (йуучух) лаьцна къамел динчу хенахь, цо элира:
«Хьо хӀун дуьйцуш ву?! Сайн дикаллаш (марзонаш) сайн дуьненан дахарехь дӀайиъна, царах марзо эца лаьа-техьа суна?»
61— Iумар (Дела реза хуьлда цунна) шен кӀант Ӏа’сим жижиг дууш волуш цуьнна тӀевеара, тӀаккха цо хаьттира: «ХӀара хӀун ду?»
Цо (Ӏа’сима) жоп делира: «Тхуна иза (жижиг) даа лиънера».
Ӏумара элира: «Хьуна цхьа хӀума (йаа) лиъначу хӀора заманчохь, ахьа иза йуур йуй? Стагана исраф хила тоьар ду-кх — цунна шен лиъна мел йолу хӀума цо йаар!»
62— Iумара (Дела реза хуьлда цунна) элира: «Суна дага беара чӀара баа».
Т1аккха Йарфаъ (Ӏумаран гӀоьнча) шен говрана нуьйр а тиллина, йиъ дийнахь-буса (чӀара лаха) воьдучу а, вогӀучу а некъахь лелла, тӀаккха цхьа туьнкал чӀара а эцна веара. Цо шен говр дика йила а йилар, тӀаккха Ӏумарна тӀевеара.
Ӏумара элира: «Схьавола, оцу говране хьовсур ду-кх вай». всур ду-кх вай».
Цо цуьнга хьаьжча элира: «Цуьнан лерган кӀелара хӀара хьацар дила (дӀадаккха) дицдина хьан. Ӏумаран марзонна дуьхьа хӀара хьайбане бала хьегийтина ахь! Делах чӀагӀо йо ас: Ӏумара оцу хьан туьнкалах (чӀарах) чам боккхар ма бац!»
63— Iумар (Дела реза хуьлда цунна), ша халиф волуш а, тӀехула тӀергӀах йина (куртка санна йолу) джаббат (бедар) юхуш вара, цуьнан цхьаболу меттигаш цӀоканан аьрзнашца (йоманашца) тегна а йолуш. анашца) тегна а йолуш.
Иза базаршкахь го туьйсуш лелара, шен белша тӀехь диррат (гӏаж) а йолуш — цуьнца цо нахана таӀзар (низам) латтора. Иштта, некъа тӀергӀах тӀехь йисина кийсигаш йа хурманийн лаххьарш гича — цо уьш схьа а гулйой, наханна пайда хилийта церан кхерчашка (цӀеношка) дӀасакхуьйсура.
64— Анаса (Дела реза хуьлда цунна) аьлла:
«Ӏумаран (Дела реза хуьлда цунна) белшашна йуккъехь цуьнан коч тӀехь йиъ йома гира суна».
65— Абу Ӏусман ан-Нахдис (Дела реза хуьлда цунна) аьлла:
«Суна Ӏумарна (Дела реза хуьлда цунна) тӀехь цӀоканан аьрзнаш (йоманаш) тегна изар гира». анаш) тегна изар гира».
66— IабдуллахӀ ибн Ӏа’мир ибн РабийӀас (Дела реза хуьлда цунна) аьлла:
«Ас Ӏумарца (Дела реза хуьлда цунна) хьаьж дира: цо цкъа а (некъахь) четар (палатка) ца хӀоттийра, йа кхин йолу тхов-бедар а. Цо шен верта (бедар) а цӀока (кожа) а диттах хьовзайора, тӀаккха цуьнан ӀиндагӀахь (садаӀа) охьахаара».
67— Iумар (Дела реза хуьлда цунна) Джабият олучу меттиге веара сирачу эмкална тӀехь хиъна. Цуьнан кIунзал малхехь лепаш бара, коьртахь цхьа а куй йа чалма йоцуш. Когаш эмкалан нуьйран шина агӀор дӀабиллина бара, лаг (стремя) доцуш.
Цуьнан нуьйран тӀера кӀело — тӀергӀах йина анбиджани олу верта дара; иза цо охьавоьссича шен мотт (юргӀа) метта а леладора. Цуьнан тӀорказ пальмин чкъоьрах дуьзна дара, охьадиссича иза гӀайбан метта леладора. ТӀехь мажделла а, кач (логан гуо) баьтӀна а безачу бамбех йина коч йара.
Цо элира: «Оцу йуьртан куьйгалхо схьавеха суна».
Иза веача, Ӏумара элира: «Сан коч йила а йилий, тега, ткъа суна тӀеюха йухалуг (сан коч йаллалц) кхин коч ло».
Цунна безачу ветах (лёнах) йина коч еара.
Ӏумара хаьттира: «ХӀара хӀун ду?»
Цара элира: «Иза вета (лён) ду».
Цо хаьттира: «ХӀун йу и вета?» (цуьнан дезалла ца хаара цунна).
Цара цуьнга иза дийцира. ТӀаккха цо шен коч схьайаьккхира, т1къа цара иза йитнера, аьрзнаш (йоманаш) тегнера. Иза юха тӀеюьйхира цо. анаш) тегнера. Иза юха тӀеюьйхира цо.
Оцу йуьртан куьйгалхочо элира: «Хьо Ӏаьрбийн паччахь ву, хӀара мехкаш эмкалш лела мегаш дац (говр оьшу)».
Цунна тӀе бирзавн (говр) еара, цуьнан букъа тӀе нуьйр йоцуш деза дари диллира. Ӏумар цуьнна тӀехь цхьа кӀеззиг вахча, цо элира: «Сацае! Суна ца моьттура нах шайтӀанах (иштта хьала-охьа кхийсалучу хӀуманах) хехкалуш бу. Схьайалае сан эмкал!»
68— Iумар ибн аль-ХаттӀабан йуьхь тӀехь бӀаьрхиш ихина ши Ӏаьржа сиз (лар) дара, иза дукха велхарна (АллахӀах кхерарна) хилла.
69— Хьасан-басрис (Дела реза хуьлда цунна) аьлла:
«Ӏумар (Дела реза хуьлда цунна) шен буьйсанан (Ӏибадатан) декъехь цхьана аятах чекхволуш, иза (АллахӀах кхерарна) охьавожара, цундела масех дийнахь нах цуьнан хьал хатта тӀеоьхура».
70— Анаса (Дела реза хуьлда цунна) аьлла:
«Со Ӏумарца аравелира, иза цхьана беша чувелира. Тхуна йуккъехь керт йолуш, суна иза (ша шеца) къамел деш хезира: „Ӏумар ибн аль-ХаттӀаб — муъма нехан куьйгалхо (амируль-муъминин)! ДIавала! ХаттӀабан кӀант, Делах кхералахь хьо, йа Цо (АллахӀа) таӀзар дийр ду хьуна!“»
71— IабдуллахӀ ибн Ӏа’мир ибн РабийӀас (Дела реза хуьлда цунна) аьлла:
«Суна Ӏумар (Дела реза хуьлда цунна) гира — лаьттара цхьа чан (соломинка) схьа а эцна, цо олуш: „Йа АллахӀ, хӀара чан хилла велара со! ХӀумма а йоцуш хилла велара со! Сайн нанас со вина ма хилла велар!“»
72— Iумар ибн Хьафса (Дела реза хуьлда цунна) аьлла:
«Ӏумар ибн аль-ХаттӀаба (Дела реза хуьлда цунна) хи дуьззина йоккха кӀудал шен белша тӀе хьалаайира. Цунна (цецбевллачу наха) цуьнах лаьцна хаьттича, цо элира: „Сан са шех доккхадеш (куралла еш) хийтира суна, тӀаккха суна иза сийсаздан лиира“».
73— Ибн Ӏумара (Дела реза хуьлда цунна) дийцина:
«Со Джалула‘ъ тӀамтӀехь волуш (караеъна) хиллачу хӀумнех, шовзткъа эзар (40 000) дирхӀамах цхьа дакъа ийцира аса. Со Ӏумарна (Дела реза хуьлда цунна) тӀевеача, цо элира:
— Нагахь со цӀерна (жоьжахатина) хьалха хӀоттийна, т1аккха хьоьга аьлча: цуьнах (жоьжахатах) хьалхаваккха иза хӀара (бахам) сагӀан баларц, ахьа со кIелхьара воккхура вари?
Ас элира:
— Делах чӀагӀо йо ас, хьуна лазар деш мел йолу хӀумнах хьо кӀелхьара ваккха ас и лур ма дара.
ТӀаккха Ӏумара элира:
— Суна ма-гарра, нах оцу хӀумнах мах беш хилла хир бу: «ХӀара ӀабдуллахӀ ибн Ӏумар ву — Пайхамаран (Аллах1ер салават а, салам а хуьлда цунна) асхьаб, муъма нехан куьйгалхочун кӀант, цунна уггаре дукха веза стаг а ву», — олуш. Цундела хьуна иза йораха (арзан) йохка лаар царна, иза хьуна йохкарех гӀоле хийтина хир ду царна. Ткъа со — (хазна) дӀасайоькъуш верг а, цуьнах жоп дала дезаш верг а ву. Ас хьуна лур ду Къурайш-тайпана йохк-иэшархочо йоккхучух уггаре йоккха йогӀу пайда — хӀора дирхӀамах кхин цхьа дирхӀам пайда.
ТӀаккха цо (Ӏумара) йохк-иэшархой схьа а кхайкхина, иза (бахам) царна диъ бӀе эзар (400 000) дирхӀамах дӀахӀоттийра. Суна (пайдаца цхьаьна) дезткъа эзар (80 000) дирхӀам делира, ткъа дисинарг СаӀад ибн Аби Вакъасе (Иракъе) дӀахьажийра, нахана йукъахь дӀасадекъа аьлла».
74— Хьасан-басрис (Дела реза хуьлда цунна) дийцина:
Ӏумарна (Дела реза хуьлда цунна) цхьа йоӀ гира, мацалла гӀелъелла (йакъаелла) когаш тӀехь халла латталуш. Цо хаьттира: «ХӀара мила йу?»
ӀабдуллахӀа (цуьнан кӀанта) жоп делира: «ХӀара хьан йоӀарех цхьа йо1 йу-кх».
Ӏумара хаьттира: «Муьлхачу сан йоӀарех йоӀ йу хӀара?»
ӀабдуллахӀа элира: «Сан йоӀ йу».
Ӏумара хаьттира: «ХӀун хилла цунна иштта (гӀийла) хила?»
ӀабдуллахӀа элира: «Хьан Ӏамал (бахьана) ду иза — ахьа цунна (хазничуьра) хӀумма а ца ло».
ТӀаккха Ӏумара элира: «Делах чӀагӀо йо ас, ас-м (бусулба нехан хазничуьра) хьан доьзална кхача лур ма бац! (Шайн рицкъа лохуш) къахьега царна, хӀай стаг!»
75— Iумаран (Дела реза хуьлда цунна) тӀе цуьнан стунцхойх стаг веара. Цо Ӏумарца къамел деш, бусулба нехан йукъарчу хазничуьра шена хӀума (ахча) далар дийхира.
ТӀаккха Ӏумара иза дӀатеттира (карзахвелира, реза ца хилира) ала олуш: «Со АллахӀана хьалха паччахь-йамартхо хилла хӀотта лаьа-техьа хьуна?»
Амма цуьнах (оцу хиламах) цхьа зама йаьлча, Ӏумара шен долахь болчу бахамах итт эзар (10 000) дирхӀам делира цунна.
76— Хьузайфас (Дела реза хуьлда цунна) аьлла:
«Делах чӀагӀо йо ас, АллахӀан новкъахь (бакъо латтош) цхьана буьллучу бехкан а (критикан) шена Ӏаткъам ца бойтуш волу стаг суна ца вевза Ӏумар (Дела реза хуьлда цунна) воцург».
77— Хьузайфас (Дела реза хуьлда цунна) дийцина:
Тхо Ӏумарца (Дела реза хуьлда цунна) цхьаьна Ӏаш дара, тӀаккха цо хаьттира: «Шуна йукъахь Пайхамаран (саллаллахӀу ӀалайхӀи ва саллам) фитнах лаьцна дешнаш дагахь хууш мила ву?»
Ас жоп делира: «Со ву».
Ӏумара элира: «Хьо-м майра ву-кх!»
Ас элира: «Стаг шен доьзалехь, бахамехь, берашна йукъахь воьжна фитна (гIалат) ламазо, мархано, сагӀано, дика хьехар деш а, вон хӀума дӀадойтуш а хиларо цӀандо (дӀадойту)».
Ӏумара элира: «Ас хьоьга цуьнах лаьцна ца хаьттина. Ас-м хьоьга хӀордан тулгӀенаш санна (цхьа ирча/доккха) фитна (зулам) даржарх лаьцна хаьттинера».
Ас элира: «Цуьнах хьуна кхерам бац. Хьуна а, оцу фитнина а йукъахь дӀакъоьвланчу неӀарна санна дуьхьало йу-кх».
Ӏумара хаьттира: «И неӀ йохор йу йа схьайоьллур йу?»
Ас жоп делира: «Йохор йу».
ТӀаккха Ӏумара элира: «Нагахь иза йохийнехь — иза цкъа а дӀакъовлур йац (бусулбанашна йукъахь талораш/фитна сецар дац)». анашна йукъахь талораш/фитна сецар дац)».
Оха Хьузайфига хаьттира: «Ӏумарна хиира и неӀ хӀун йу?»
Хьузайфас элира: «ХIаъ, кхане хилале хьалха буьйса йогӀура йуй ма-хаъара тера, цунна хиира иза. Ас цунна дийцинарг бакъ доцу къамел дацара».
ТӀаккха Масрукъас хаьттира: «Мила вара и неӀ?»
Хьузайфас элира: «И неӀ — Ӏумар ша вара».
78— Iабдуррахьман бин Ӏавфа (Дела реза хуьлда цунна) дийцина:
Кисран (Персин паччахьан) хӀазнаш деара Ӏумарна (Дела реза хуьлда цунна) тӀе. ТӀаккха ӀабдуллахӀ бин Аркъама хаьттира: «Ахьа иза бусулба нехан хӀазничу (Байтуль-Мал) дуьллур дуй, иза (нахана йукъахь) дӀасаекъалц?»
Ӏумара жоп делира: «ХӀан-хӀа, Делах чӀагӀо йо ас, иза дӀасаекъалц цхьана а тхов кӀела дуьллур дац ас иза!»
Цо и хӀазнаш маьждиган йуккъе дехкира, ткъа (асхьабаш) буьйсана иза лардеш Ӏаш бара.
Ӏуьйре хиллачу хенахь, Ӏумара (хӀазнашна тӀера) кӀади дIадаьккхича, цунна гира цӀен (деши) а, кӀайн (дети) а ахча — иза лепаш (къегаш) дара. ТӀаккха Ӏумар вилхира.
Убай бин КаӀба хаьттира: «ХӀунда воьлху хьо, хӀай муъма нехан куьйгалхо? Делах чӀагӀо йо ас, хӀара-м (АллахӀана) шукур деш долу а, марзо (хазахетар) оьцуш долу а де ду-кх!»
Ӏумара жоп делира: «Хьо хӀун олуш ву! Бакъдолуш, АллахӀа хӀара (бахам) цхьана а къомана ца белла — царна йукъахь мостагӀалла а, вовшах цабезам а кхоллабелла (дӀахӀоьттина) бен!»
79— Iумар (Дела реза хуьлда цунна) шен маьршавитина волу лай — ХӀунай — пачхьалкхан дежийнийн терго ян хӀоттийра. ТӀаккха цо цунна хьехам бира:
«ХӀай ХӀунай! Бусулба нахана хьайн тӀам тӀебахийта (цаьрца кӀеда-мерза хила), Ӏазап хьегначун (зулам динчун) доӀанах кхералахь, хӀунда аьлча иза (АллахӀа) тӀеоьцуш ду.
КӀезиг уьстагӀий а, кӀезиг эмкалаш а йолу миска нах (дежийне) чубиталахь. Амма Ӏабдуррахьман бин Ӏавфан а, Ӏусман бин Ӏаффанан а даьхнех ларло (царна аьтто ма бе), хӀунда аьлча церан даьхний хӀаллакхилахь — церан ялташ а, хурманийн бошмаш а ю-кх (тӀетовжа).
Ткъа и кӀезиг даьхний дерг, шен даьхний хӀаллакхилча, шен бераш а далош суна тӀе вогӀур ву: «ХӀай муъма нехан куьйгалхо! Ахьа тхо (мацалла) дуьтур дуй?» — олуш. Ткъа суна хи а, буц а нахана дӀадалар атта ду деши а, дети а даларл а.
Бесплатный фрагмент закончился.
Купите книгу, чтобы продолжить чтение.